«Нохчийн ламасташ»

Школехь литература хьехаран цхьа дакъа ду классал арахьа бен болх. Дешархой кхетош-кхиорехь а, церан юкъара хаарш шордарехь а, культура лакхаяккхарехь а доккха маьIна ду цуьнан. Къоман литература дешархошна алссам йовзийтаран, бакъйолчу исбаьхьаллин произведенех кхоччушш пайдаэцийтаран, церан литературни хаарш совдахаран Iалашо ю классал арахьа бечу белхан. Ма-дарра аьлча, литературан урокийн а, классал арахьарчу белхан а Iалашонаш цхьаъ ю, амма болх дIабахьаран форманаш тайп-тайпана ю.

Урокашкахь Iамочарел совнаха, кхийолу исбаьхьаллин произведенеш йоьшу дешархоша. Шайн лаамца, литературе шайн йолчу шовкъашка хьожжий хоржу дешархоша шаьш цIахь йоьшу произведенеш.

Педагоги

Улханова Сурат Саламбековна

Содержание программы

Белхан чулацам

1. Оьздангалла а,дахарехь цо лело маь1на а.( 1сахьт)

2. Кхечу къаьмнех къаьсташ йолу нохчийн синмехаллаш (1сахьт)

3. Шира 1адат.Олдам дийцар.

4. Олдаман г1иллакх.

5. Г1иллакхах лаьцна дийцарш.

6. Нохчийн халкъан туьйранаш.

7. Туьйранийн тайпанаш.

8. Нохчочун амалш.Дикаев М-Салахь. "Нохчо ву со«.

9. Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш.

10. Яхь а,майралла.

11. Туьйранан синъоьздингаллин маь1на – дикачун а, вочун а къовсам, дикачо зуламна т1ехь толам баккхар.

12. Хьаша ларарх а,цуьнан йозаллех а лаьцна.

13. Иэхь-бехк.Къонах.

14. «Адамалла», «нохчалла» бохучу дешнийн башхалла.

15. Оьрсийн туьйранийн турпалхойн амалшца уьш юстар.

16. Бадуев С. «Баудди» дийцар.

17. Доттаг1ийн барт.Бауддин амал.

18. Шира дийцарш.

19. Шира хабарш,аларш.

20. 1адатийн поэзии.Дог1а доьхуш локху эшарш.

21. Зуда ялорца-йигарца йоьзна эшарш.

22. Говр хьовзон йиш.

23. Мифаш.Борз.Берзан даймохк.Турс.Пхьармат.

24. Хьуьнан йо1.

25. Нохчийн халкъан легандаш.Догц1еналла.

26. Зуьнан хьехар.Зуьнан шолг1а хьехар.

27. Дуьненан бала.Пхьидах 1оттабелла буохам.

28. Юьззина йоцу маршо.Собар.

29. Стеган къинхетам.

30. Вайн къоман иэсехь "дуй биъна доттаг1а"бохучу дешнийн маь1на.

31. Эвтархойн Ахьмад.Доттаг1алла.

32. Мадин Жаьммирзех,Таймин Биболатах илли.

33. Нохчийн шира дешнаш довзийтар.

34. Шайгара баккхийчаьргара цхьа дийцар кечдар.

35. Мехкарийн духар.

36. Илли.

37. Вайн нехан гергарло.Т1екаре-чукаре.

38. Дош.Нохчийн г1иллакхех дешан мах.

39. Къеначу Дадех илли.

40. Хьошалг1ахь,ловзаргахь лардан дезаш долу низам.

41. Вуонехь,тезетахь лело дезаш долу г1иллакхаш.

Цели программы

Литературно-кхоллараллин кружокан  Iалашонаш ю:

-синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а, патриотически синхаамаш а, ша къоман культурин векал хиларх кхеташ, ларам барца кхийолчу культурашца юкъаметтигаш дIакхехьа хьуьнар долуш долу адам кхиор

Результат программы

Арахецархой 1емира бу:

-проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин - тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш  кепе дерзо а хаарехь

Материально-техническая база

учебники, плакаты на чеченском языке